проведено мероприятие, посвященное "День чеченского языка""
Хьайн ненан мотт хаахь,Дозалла ас до хьох,Даггара и безахь,Ас хастам бо хьуна.Цунах ма херлолахь,Доттаг1а, варийлахь,Ненан мотт хьайн бацахь,Байлахь вуй хаалахь!Хьо безаш волчуннаПондаран аз ду хьо,Хьайца уьйр йоцчуннаГ1ихь беза мухь бу хьо.
Хьо хууш волчуннаЙовх1арийн х1онс ю хьо,Хьайца шовкъ йолчуннаЧам тайна стом бу хьо.Хьо ца безаш волчоШен нана лорур яц,Ненан сий цадечоМехкан сий лардийр дац.Ненан мотт цахаарШен кхерч цаларар ду,Кхерчан да цахиларМаьттаза вахар ду.